Мои стихи:"Эвтара"
Эвтархойн Ахьмад шен ц1арах кхиийна
"Велларг ден вар"аьлла ц1е яхна
Лор Шах1аб дарбина велла
Иллешца,эшаршца самукъа даккха
Говзанча-пондарча Билу Хьаьжа хьан хила
Шайх Устаз 1овда а,цуьнан к1ант 1ели а
Хьаьжийн йиша Мата а шена чохь баьхна
1овдийн а,Матийн а шиь зиъярат а долуш
Ма еза юьрт ю хьо сан хьоме Эвтара
Цу нехан т1аьхьенах т1аьхье ю тхо тахна
Кхойкху шу хьошалг1а маьршачу Эвтара
Йоькъур ю вай т1о берам,мохь тоьхна сискал
Нагах шу сакъера тхо долче даг1ахь
Х1оттор ду оха цхьа мерза той
Халоно хьовзийна г1о эшна даг1ахь
Х1уьттур ду тхо улле аг1о а хилла
Хьошалг1а дуьйллалаш ледарло цаеш.
(Абдулвахабова Асет Шамхановна)
Автор: Абдулвахабова Асет Шамхановна